ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн тайпанийн Кхеташонан болх сацийна


ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан болх сацийна регионерчу юридикан министралло, хаамбина "МБХ медиа" хьостане ханна цуьнан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш хиллачу Даскиев Мурада. «ФортангаORG» гIирсан Телеграм-канало зорбане яьккхина оцу хьокъехь урхалло бинчу сацаман копи. Цуьнца а догIуш, шина баттана юкъахбаьккхина Кхеташонан болх.

Юридикан министралло дIахьедина, Дечкен-баттахь шаьш бинчу талламца, гIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан балхаца шайна кхачамбацарш карийна аьлла. Охан-батте кхачале проблемаш ерзор тIедиллинера министралло. Кхеташоно белхан гIалаташ дIанисдарх тоьшаллаш шайга кхачийна дац, цундела Стигалкъекъа-беттан 22-чохь Кхеташонан болх сацабо шаьш аьлла, дIахьедо юридикан министралло.

ГIалгIайн латтанийн дакъа Къилба-ХIирийчоьне дIа ма ло аьлла, ГIалгIайчоьнан халкъан депутаташка Кхеташоно кхайкхамбар бахьана долуш министралло дина дIахьедар а зорбане доккху «ФортангаORG» хьостано. Юридикан урхалло бахарехь, оцу кхайкхамехь "экстремизме битамаш бу".

Цул совнах тайпанийн Кхеташоно депутаташка бинчу кхайкхамца пачхьалкхан Iедалхойн балхана юкъагIерта аьлла министралло.

Даскиев Мурада чIагIо йо, юридикан министралло бехкамаш бинехь а, гIалгIайн тайпанийн Кхеташоно болх сацор бац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG