Москва йохка наркотикаш хьош воьдучу хенахь дIалаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочунна 15 шо хан тоьхна Нальчик гIалин кхело. ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лескенскан кIоштарчу "Урух" постехь дIалаьцнера иза, Волгограде а вахана, цигара дIа Москва кхача Iалашонца араваьлла волу. Шен хIусамненаца а, жимачу бераца а такси тIехь воьдучу заманчохь, яздо REGNUM агенталло.
"Талламаш бича полисхошна машенчохь карийна 30 миллион соьмана 19, 5 кила гашиш", - аьлла бу прокуратуран хаам.
Стоъхка аьхка хилла ю хIара инцидент. Нохчийчуьра вахархочунна бехк тIехь а буьтуш, кхелахоша набахтехь даккха 15 шо хан кхайкхийна цунна кху деношкахь.