ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эдилов а, Бибулатов а UFC юкъара дIаваккхар бакъ ца дина Нохчийчохь


Умаров Джамбулат а, Висмурадов Абузайд а

Нохчийн латархой Эдилов Iабдул-Керим а, Бибулатов Мохьмад а UFC юкъара дIабаьхна аьлла, яьржина информаци бакъ ца йина Нохчийчохь. Латархойн "Ахмат" клубан президенто Висмурадов Абузайда билгалдаьккхина, UFC-н организаци юкъара спортхой арабовлар Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца дийцаре а дина хилла ду аьлла.

"Социалан машанашкахь харц информаци ю лелаш, "Ахмат" клубан латархой Эдилов Iабдул-Керим а, Бибулатов Мохьмад а UFC юкъара дIаваьккхина бохуш. Хууш ма-хиллара, иза бакъ дац. Сан хьомсарчу вешица – Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца дага а девлла, "Ахмат" клубо тIеэцна сацам бу и. Оха хьесап дина, тхайн гергарчу ACA (Absolute Championship Akhmat) организацехь летар гIоле ду тхуна, стабилехь церан лата аьтто а боккхуш. Беттанашкахь цIийнах бевлла Iен а дезар дац. "Ахмат" клубан латархоша дукхазза тоьшаллаш дира, дуьненахь а шаьш ницкъболуш, лаккхарчу тIегIенашкахь толамаш баха хьакъ дуйла. Эдиловн а, Бибулатовн а коьртачу толамех хезар ду шуна тIейогIучу заманчохь. Ахмат- Сила!", - аьлла, билгалдаьккхина Висмурадов Абузайда.

Маршо Радионо яздира, Fight Time спортан хьостано бинчу хаамца, UFC-ца хиллачу контрактех мукъаваьккхина нохчийн латархо Эдилов Iабдул-Керим аьлла.

"25 шо долу латархо Эдилов Iабдул-Керим, 2017-чу шарахь шолгIачу раундехь хиллачу техникан нокаутехь Михайлович Боян эша а веш, UFC-н баннер бухахь цкъа бен летта вац", - яздинера интернет-хьостано.

UFC-хь кхиамаш баха таро ца хилира нохчийн спортхочун иза лазорна а, 2016-чу шарахь допинг-тестех чекх ца валарна а.

Fight Time хьостано дийцарехь, билггал информаци яцара, Эдилов юкъарваьккхина, йа шен лаамехь контаркт хадийна цо.

Ишта хууш дац, Iамерко Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонна дуьхьалъяьхна керла санкцеш бахьана долуш хедийний а юкъаметтигаш.

Мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан кхаа кIентан тренер вара Эдилов Iабдул-Керим.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG