ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан СПЧ-н куьйгалхо воккхавоь Хасаев бехказваккхарна


Федотов Михаил
Федотов Михаил

Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонийн Кхеташонан (СПЧ) куьйгалхочо Федотов Михаила комментари йитина, Эрмалойчуьра бизнесхо Арутюнян Ашот вийна аьлла, 1,6 шарахь чохь латтийна Веданара Хасаев Мовсар бехке вац аьлла, кхелахоша бинчу сацамах.

"Со воккхавоь, Хасаев бехке вац аьлла СПЧ-н позицина кхел тIетайна. Цхьа наггахь бен нислуш дац, лаьцнарг бехказвоккхуш сацамаш беш, хIара вердикт къаьсттина бIаьрла ду", - аьлла Федотовс.

Нохчийн бакъонашларъярхоша дехар динчул тIаьхьа, адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташоно листинера Хасаевна дуьхьал долийначу гIуллакхан материалаш. Свердловскан кIоштахь динчу зуламца воьзна вац Хасаев, хIунда аьлча. Иза цкъа а цу агIор хилла а вац бохуш, чIагIдора цара.

Маршо Радионо яздира, Екатеринбургера бизнесхо Арутюнян Ашот вийна аьлла, жоьпе озийна Нохчийчуьра вахархо Хасаев Мовсар бехккъасторхоша кхааридийнахь бехказа воккхуш сацам бовзийтарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG