ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан кIанта дакъалаьцна туркойн кино чохь


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIанта Адама дакъалаьцна туркойн "Воскресший Эртугрул" кино чохь. "Чечня Сегодня" агенталло бина и хаам, Шелан муниципалан кIоштан куьйгалхочун Ибрагимов Турпал-Iелин информацина тIе а тевжина.

"Массо агIор кхуьуш ву Адам: школехь дика доьшу цо, спортаца уьйрашкахь ву, кеп-кепара совгIаташ дохуш. Суна даггара лаьа хьомсара Адам КадыровгIеран цIийнан тIаьхьенан дозалла хуьлийла, шен деден некъах ца вухуш", - аьлла Ибрагимовс.

Кадыров Рамзанан кIант юкъахь волу эпизод хIинцале а социалан машанашкахь Iораяьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG