ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Матери Беслана" организацино совгIат юкъадаьккхина "Машар латторна" аьлла


"Матери Беслана" комитето "Беслан. Машар латторехьа къахьегарна" аьлла, совгIат юкъадаьккхина. Хьалхара ши совгIат кхаьчна адвокатна Чеджемов Таймуразна а, Iеламчана Елканов Асланна а.

Организацин куьйгалхочо Дудиева Сусаннас бахарехь, Елкановн инициативаца, Бесланехь бохам хилла ши шо кхочучу заманчуьра схьа "Маликийн гIала" цIе йолчу кешнашкахь ортодоксан ламасташца барам дIабаьхьна ца Iаш, бусулбачийн ламаз а деш ду.

2004-чу шеран Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь Нохчийчуьрчу тIемалоша Бесланера лоьмар 1 йолчу школана тIелетира, 1200 дешархо а, хьехархой а закъалте а лоцуш. Оцу трагедехь вийра 334 стаг, шайлахь 186 бер а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG