ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теркйистерчу микрорайонна Кадыров Ахьмадан цIе тиллина


Теркйистан кIоштарчу Iелин-Юьртахь микрорайон схьайиллина еаридийнахь Кадыров Ахьмадан цIарах. Барамехь дакъалоцуш хилла мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Токхамаша хIусамаш йохийначу Горагорскерчу нахана лерина йина ю и микрорайон. Керлачу цIеношка дIакхалхийна 963 стаг. Дерриг а хьаладинарг ду 128 цIа.

Маршо Радионо яздира, Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмадан инициативаца Нохчийчуьрчу Хоси-Юьртан цIе Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий деш хийцарх. Цунах лаьцна цо яздинера Инстаграмерчу шен агIонехь.

Нохчийн парламентан спикеран Даудов Мохьмадан лаамна тIе а тайна, Хоси-Юьртара бахархой догреза хилла, шайн эвлан цIе хийца аьлла яздира меттигерчу хаамийн гIирсаша.

"Нохчийн къомана хьалха хьакъ ву иза юьртан цIе лело, терроризмна тIехь толам баьккхина цо" бохуш, дIахьедира республикан Юкъараллан палатехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG