ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн студенташ чохь буьтуш сацамбина Мисарарчу кхело


Экстремизмна бехкевина 4 студент чохь вуьтуш кхин а 15 денна хан дIаяхйина Мисаран Iедало аьлла, хаамбина церан гергарчара. Байначу беттан 9-чохь Мисарахь лаьцначу ГIалгIайчуьрчу кегийрхошна бехкаш дехкира, цара экстремизм а, шпионаж а лелийна, иштта церан даIишца уьйраш хилла аьлла. Оццу беттан 29-чохь студентийн гергарчара хаамбира, ехха кхайкхийна мацалла хьегарна церан могушаллина эшам хилла аьлла. Цул тIаьхьа КъахIирерчу набахтин дарбан хIусаме охьабехкинера уьш.

Стохка аьхка Мисарахь дIалецира гIалгIайн пхи студент. Виъ набахтехь хилар къаьстина, пхоьалгIачун Дугиев Хизиран кхолламах информаци яц хIинца а.

Шаьш маьршадахар тIе а дожош, цара кхайкхийначу мацалло а пайда ца беана аьлла, дийцина лаьцначух цхьаннан хIусамнанас Пугоева Хадишата "Кавказский узел" агенталле.

Цо бахарехь, кхи а 15 денна уьш чохь буьтуш хан дIаяхйина церна. Гергарчаран бакъо ца елла кхелан процессехь хила а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG