"Воскресший Эртугрул" туркойн кино чохь шен кIанта Адама дакъалацарх комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дIахьедарца, "Iаламат доккхачу жоьпаллица тIеэцна хилла цо рол ловзор".
"Суна дика бевза и кино яьккхинарш а, цу чуьра актераш а, Туркойчохь цхьанакхеттера со цаьрца, Нохчийчохь хьошалла а дина ас царна. Доккха баркалла ала лаьа суна Боздаг Мехметна, дика болх цо барна. Оцу филмо муьлххачу пачхьалкхерчу кегийрхошна гойту шен даймахках жоьпалла хIоранна а тIехь дуйла", - яздина Кадыровс социалан машанехь.
Карладоккху, хьалхо оцу кинох вистхуьлуш Кадыровс аьллера: "Истори дика ю, амма филм ша ледара ю".
Маршо Радионо яздира еаридийнахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIанта Адама туркойн "Воскресший Эртугрул" кино чохь дакъалацарх. "Чечня Сегодня" агенталло бинера и хаам, Шелан муниципалан кIоштан куьйгалхочун Ибрагимов Турпал-Iелин информацина тIе а тевжина.
"Массо агIор кхуьуш ву Адам: школехь дика доьшу цо, спортаца уьйрашкахь ву, кеп-кепара совгIаташ дохуш. Суна даггара лаьа хьомсара Адам КадыровгIеран цIийнан тIаьхьенан дозалла хуьлийла, шен деден некъах ца вухуш", - аьллера Ибрагимовс.
Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-секретаро Каримов Iалвис дийцина "URA.RU" хьостане, муха аьтто хилла Кадыров Адаман туркойн кино чохь дакъалаца.
"Филман продюсеро Боздаг Мехмета а, сценари язйинчо а кхайкхинера Адам кастинге. Нохчийчохь а, Туркойчохь а дукхачу берашлахь билгалваьккхинера цара Адам", - аьлла Каримовс.
Ишта цо бахарехь, кIентан лаам бара шен актерийн корматалла зен, амма тIаьххьара дош Адаман дас а, нанас а аьллера.
Кхи дIа кинош чохь дакъалоцур ду йа дац Кадыров Адама хууш дац боху пресс-секретаро, хIунда аьлча кIант кхуьуш вац, "хIора де, Iуьйранна буьйса тIекхаччалц цхьацца гIуллакхашкахь дIадоьду цуьнан".