ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Догдохийла гучудаьлла Iамеркан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш толур хиларе


Трамп Доналд а (аьрру aгӀop), ЭрдохIан Реджеп а.
Трамп Доналд а (аьрру aгӀop), ЭрдохIан Реджеп а.

Цхьаболчу аналитикашна хетарехь, ЭрдохIана тIаьхьататта гIерташ ву хила мегаш йолу финансийн кризис, Мангал-беттан 23-хь хин болчу Истанбулан мэран харжамаш хилале иза ца эккхийта.

Туркойн лиран курс хьалаяьлла еарин дийнахь, Вашингтонан а, Анкаран а юкъаметтигаш дIанислуш ю аьлла хаамаш кхачарна, яздо "Iамеркан аз" портало. Шина махкана юкъахь халонаш нисйеллера маситта бутт хьалха, Туркойчоьно Оьрсийчоьнера ракеташ эца сацам бар бахьана долуш.

Де хьалха телефонехула къамел хилира Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан а, Туркойчоьнан президентан ЭрдохIан Реджепан а. Шина президенто дагадовларш дIадаьхьира НАТО-на юкъахь йолчу Iамеркан бертахочо Анкарано Оьрсийчоьнан С400 ракетийн система эцарна Вашингтоно санкцеш кхайкхор ю аьлла кхерам тесначул тIаьхьа.

Вашингтонехь дуьйцу, Оьрсийчоьнера ракеташ эцаро кхерам бохьу НАТО-н ларъяла болчу аьттона, къаьсттина Iамеркан F-35 тIеман кеманашна. Трампаца къамел деш ЭрдохIан гIоьртира и синтембацар дIадаккха.

"(Туркойн) президенто тӀечӀагӀдира, Оьрсийчоьнан Федерацера С400 система эца Туркойчоьнан план хилар хьокъехь цхьаьнатоьхна белхан тоба кхоллар хьокъехь хьалхо шаьш кховдийнарг", - яздина "Твиттерехь" Туркойчоьнан президентан юкъараллаца уьйраш латторехула директоро Алтун Фахреттина.

Шаьш С400 эцар проблема хир яц НАТО-н кхерамазаллина, чIагIдо Анкарано. Iамеркан векалш дIоггара ца теша цу дIахьедарех. Амма шина пачхьалкхан президенташ, гарехь, кийча ву вовшашца къамел дан.

Кхаарин дийнахь, Трампан а, ЭрдохIанан а телефонехула къамел хиллачул тIаьхьа туркойн Iедалша набахтера маьршаваьккхира туркойн къомах волу Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахо Гельге Серкан. НАТО-н Iилманан белхахо хилла и стаг лаьцнера 3 шо хьалха, 2016-чу шарахь туркойн эскархой, гIорасиз а хуьлуш, махкахь карчам бан гIоьртинчул тIаьхьа.

«Вуно вон тIаьхьалонаш хир ю Туркойчоьнна, нагахь С400 ракеташна дуьхьал система эцар чекхдаккхахь.", - аьлла дIахьедар дира кхаарин дийнахь Iамеркан Пачхьалкхан департаментан официалан векало Ортагус Моргана. Ортагуса дийцарехь, нагахь туркоша ракеташ эцахь царна дуьхьал Iамеркахоша пайда оьцур бу санкцешкахула мостагIашна дуьхьало ярх лаьцначу Оьрсийчоьнера боккхачу барамехь тIеман техника эцар доьхкучу (CAATSA) низамах.

Iамерко санкцеш кхайкхо мегаш хиларо Iаткъам бира туркойн финансийн базарахь. Лиран курс охьаелира цасоццуш вон хаамаш кхача болабаларна. Цхьаболчу аналитикашна хетарехь, ЭрдохIан тIаьхьататта гIерташ ву хила мегаш йолу финансийн кризис, Мангал-беттан 23-хь хин болчу Истанбулан мэран харжамаш хилале иза ца эккхийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG