ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчуьрчу 74 эскархочунна бевлла дIабовллалц набахтехь такха хенаш йиттина


2016-чу шарахь пачхьалкхехь карчамбан гIортарна бехкевинчу Туркойчуьрчу 74 тIеман гIуллакхдархочунна белла дIабовллалц набахтехь такха хенаш тухур ю аьлла, хаамбина Anadolu агенталло. Царех 56 стаг луьрчу хьелашкарчу набахте хьажор ву. Верриг а Анкарахь оцу пачхьалкхехь хийцам бан гIортарца доьзначу гIуллакхна шеконашкахь латтош ву 151 стаг. 31 вахархо бехказвоккхуш сацамбина кхелахоша.

Суьдхойн хьесапашца, оцу къепедацаршкахь закъалте лаьцна Туркойчоьнан Инарла штабан хилла хьаькам Акар Хулуси Акынджи авиабазера туркойн премьеран резиденци валийнера. Акар дIавигинчу кеман пилотна Капан Угурна 29-зза велла дIаваллалц набахтехь вуьтуш хенаш кхайкхийнера, чIагIдо хьосташа.

2016-чу шеран Товбеца-беттан 16-чохь Туркойчохь Iедалан карчам бан гIортар юкъахдаьккхира. Оцу тасадаларшкахь вийра 250 стаг, 2200 гергга вахархочунна чевнаш йира. Пачхьалкхехь чолхечу хьолан раж кхайкхийра. Бехкечеран хьокъехь кхелан процессаш йолийра махкахь 2017-чу шеран ГIуран-баттахь.

Бакъонашларъяран Turkey Purge сайтан зерашца, 96 эзар сов стаг дIалаьцнера Iедалхоша, талламаш дIахьора 500 эзар гергга стеган хьокъехь.

Пачхьалкхехь Iедал дохо гIортарна бехк 1999-чу шарахь дуьйна Iамеркехь вехачу оппозиционеран Гюлен ФетхуллахIан бу аьлла хета Анкарана. Вашингтоне цунна экстрадици яр доьху Туркойчоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG