Шереметьево аэропортехь кеман чохь веллачу Дагестанерчу Искандеров Наврузан гергарчарна 1 миллион сом ахча делла республикан Iедалхоша, яздо ТАСС агенталло. "Даьгначу кеман чохь веллачу Каякентскан кIоштарчу Искандеров Наврузан гергарчарна миллион сом дIакхачийна оха тахана", - аьлла Дагестанан вице-премьеро Джафаров Рамазана.
"Кавказ.Реалиино" яздира шен агIонашкахь, ша винчу Каякентскан кIоштарчу Усмикентехь Искандеров дIаволларх.
Цуьнан юьртахоша сацамбина, цо дешначу школана а, эвларчу урамна а цуьнан цIе тилла.
Москвара Мурманске доьду Аэрофлот авиакомпанин Sukhoi Superjet кема дегира ца даьлла Шереметьевохь охьадосочу заманчохь кху беттан 5-чохь. Цу тIехь хилла 41 стаг велира, шайлахь Дагестанера Искандеров Навруз а волуш.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?