ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мексикера ял яккха лаам бу Iамеркан низамаш дохош чуоьху мухIажирш бахьана долуш


Юккъерчу Iамеркара Цхьанатоьхначу Штаташка низамаш хьоьшуш чуоьху мигранташ Мехико нагахь санна совца ца бахь, гергарчу деношкахь Мексикера чукхоьхьучу сурсатех ял йоккхур ю аьлла, дIахьедина Iамеркан президенто Трамп Доналда. КарабогIучу беттан 10-чохь дуьхьалйоккхур ю аьлла, массо а Мексикан кхачан-сурсатех 5 процент ял йоккху пакет, дIахьедо Трампа. ХIора баттахь дIадолийна гуьйрене кхаччалц пхиппа процент тухуш мах хьала а боккхуш, 25 процент тIехь совцур ду шаьш аьлла президенто.

Iамеркан къилбехьарчу дозанехь хIоьттина хьал экстремале ду аьлла, билгалдоккху Трампан администрацино. "Тарифаш юхайохур ю, нагахь санна, Мексикас цхьа эвсара гIулчаш а яьхна, низамца йоцчу миграцина гонахара кризис дIаяйахь", - аьлла ду президентан дIахьедарехь.

Iамеркан Мексикаца долу доза дIа а къевлина, Мексикаца юкъарлонаш лело гIоьртира Трамп юьхьанца, амма тIаьхьо КIайчу цIийно хьесап дира, чудохьучу хIуманна мах тIетохахь цо пайда бохьур бу аьлла.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташка экспорт ярна дахначу шарахь 346 сов миллиард долларшкахь пайда хилира Мексикана.

Масийтта де хьалха Техасца дозанехь эзар сов мухIажир сацийра дозанхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG