"Оьрсийчоьнан сийлахь цIераш" аьлла, дIаяьхьначу конкурсехь къастийначу Оьрсийчуьрчу 40 аэропортан цIераш хуьйцучу омрана куьйгъяздина пачхьалкхан президенто Путин Владимира. Бакъонан информацин официалан порталехь зорбане даьккхина документ.
Москварчу Шереметьево аэропорто Пушкин Александран цIе лелор ю, Калининградскерчу Храброво аэропорт паччахьан Елизавета Хьалхарчун цIарах хир ю. Николай ШолгIачун цIе лелор ю Мурманскерчу аэропорто. Пулковон аэропортан цIе хийцанза юьсу.
Стохка ГIуран-баттахь кхаьжнаш тесира аэропорташна керла цIераш хоржуш. ХIетахь скандал иккхира Калининградан кIоштахь. Конкурсехь лидершлахь вара Кант Иммануил, амма цуьнан хIолламна тIе басар Iанийнера, ткъа депутато-единоросо дIахьедира, Кантан цIе аэропортна тилларо Сийлахьчу Даймехкан тIеман ветеранаш сийсазбо аьлла.