ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ши кхиазхо велла хи чу а вахна


Грозненск кIоштан талламан декъо зуьйш ду лийча вахна 14 шо долу кIант Терк чу вахана валар. Болчу хаамашца, кху дахначу кхааридийнахь ЧIаьнти-юьртан йистерчу Терк хи чохь луьйчучу заманчохь дIатакхийна хилла и кхиазхо.

Цунна орцах вала воккханиг цхьа а ца нисвелла уллохь. Нохчийчуьрчу орцан министраллан белхахошна карийна цуьнан дакъа.

Изза бохам Iоттабелла цул а де хьалха, шинаридийнахь ТIехьа-МартантIерчу Закан-юьртахь. Iам чохь луьйчу 17 шо долу кхиазхо хи чу вахнера цу дийнахь. Ший а гIуллакх тергоне эцна, талламаш болийна республикехь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG