ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

12 стаг вийна Вирджиния-Бич гIалахь герз диттина


Вирджиния-Бич гIалин урхаллан гIишло чу меттигерчу муниципалан белхахо а веана, цо герз диттина мел лахара а 12 стаг вийна. ПIераскан сарахь хилла ю и инцидент. Цхьана гIат тIера вукху гIат тIе а волуш, герз диттина чувеано, полицин хаамашца. Хьем боццуш орцах баьхкинчу полисхошца хиллачу кхийсаршкахь вийна иза ша. Виъ стаг дарбан цIийне валийна чевнашца. Зулам дарна бехкево, Iамеркан хаамийн гIирсаша яздарехь, 40 шо долу Крэддок Дэуайн.

Цкъачунна хууш дац, хIун бахьанашца араваьлла хилла иза. "Вирджиния-Бич гIалин исторехь уггар ирча де ду ду хIара", - аьлла гIалин мэро Дайер Боббис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG