Акорда сайтехь долчу Казахстанан президентан Токаев Касым-Жомартан дIахьедарца, "Жусан" операцин гурашкахь Шемара байначу беттан 28 чуьра 31-чу дийне кхаччалц 171 бер а, 67 зуда а даймахка цIаберзийна. "Леринчу адаптацин центрехь" дIатарбина уьш аьлла ду хаамехь.
Токаевс дIакхайкхийна, "керла дахар доло аьтто баьккхина шаьш махкахойн" аьлла. Иштта цо баркалла аьлла спецоперацехь дакъалаьцначу къайлахчу сервисийн белхахошна а, дипломаташна а, тIеман буьйранчашна а.
Официалан информацица, кхоалгIа эвакуацин этап ю хIара "Жусан" леринчу операцин гурашкахь дIаяьхьна йолу. Дерриг а Шемара цIадалийнарг 357 бер ду.
Дуьххьара операцех дийца долийра карара шо доладелча. Дечкен-беттан 9-чохь Акордас дIахьедар зорбане даьккхира куьйгаллехь Назарбаев Нурсултан волчу хенахь, Шемара 47 стаг, шайлахь 30 бер а долуш цIа балийна аьлла. ТIаьхьо къоман кхерамзаллан комитето дIахьедира, 7 зудчунна а, стагна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийна, даIишхойн тобанехь латтарна аьлла.
Стигалкъекъа-беттан 10-чохь Токаевс Iорадаьккхира, шолгIачу этапехь 231 стагна эвакуаци йина аьлла. 156 бер а хиллера царлахь. Оццу беттан 13-чохь пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро Ашикбаев Ержана дIахьедира, терроризм лелорна шеконашца 20 стаг сацийна шаьш аьлла. 16 стагна а, 4 зудчунна а дуьхьал гIуллакхаш даьстира.
Казахстанан къоман кхерамзаллан комитето стохка аьхка информаци елира, шайн пачхьалкхера Шема а, Иракъе дIаваханарг верриг а 800 стаг ву аьлла.