ГIалгIайн Дуьненаюкъарчу конгрессан куьйгалхойх волчу Погоров Ахьмадан хIусамнана а, йоI а дIалаьцна Москвахь аьлла, хаамбина цуьнан кIанта Абубакара, яздо "Кавказский узел" агенталло. ХIусамах талламаш бина пIераскан Iуьйранна.
"Погоров Ахьмадан кIант Абубакар шен доттагI волчахь хьошалгIахь хиллера хIетахь. ДIалаьцна Погоров Ахьмадан зуда а, йоI а. Карарчу хенахь Абубакар шен нана а, йиша йигина меттиг лоьхуш ву", - аьлла бу «ФортангаORG» гIирсо Фейсбукехь бина хаам.
"Официалан версица цхьацца хеттарш дан йигина и шиъ, суна хетарехь", - аьлла, комментари йитина Фейсбукехь гIалгIайн "Яблоко" партин куьйгалхочо Муцольгов Руслана.
Байначу беттан 17-чохь полисхоша талламаш дIабаьхьира Погоров Ахьмадан Карабулакерчу цIийнехь. ХIетахь цуьнан кхоъ гергара стаг лаьцнера, вешина Мохьмадна гIуда тоьхнера Магасехь протесташкахь дакъалацарна аьлла.