Гергарчу хенахь Соьлжа-ГIаларчу кIоштийн цIераш хуьйцур йолуш ю аьлла, хааме даьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Теркйистерчу Iелин-Юьртахь Кадыров Ахьмадан цIарах микрорайон схьайоьллучу дийнахь.
"Нохчийчохь машар хилийтархьама шайн дахар дIаделлачу турпалхойн цIераш тахка еза вайн урамашна а, школашна а, синбахамаллин объекташна а. И турпалхой даим а иэсехь биса безаш бу", - аьлла Кадыровс.
Билгалдоккху, Соьлжа-ГIалахь 4 кIошт ю: Октябран, Ленинан, Заводан, Старопромыслан. ГIалин Думехь луьстуш ду карарчу хенахь кIоштийн цIераш хийцаран хаттар.