ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу кафен долахо кхеле хIоттийна


Соьлжа-ГIаларчу "Акбар" кафен директоран бехкхилар тIечIагIдина. Цуьнан хьокъехь бинчу талламийн материалаш талламчаша кхеле дIакхачийна. Цунна бехк буьллу стохка ГIадужу-баттахь цо куьйгалла дечу кафе чохь йиинчух цатам баьлла, нах дарбан цIийне балор.

Октябрьскан кIоштарчу "Акбар" кафе чохь санитаран-эпидемиологин хьелаш лардина ца хилла, оцу бахьанашца юучух дIовш даьллера бахархошна, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Билгалъяьккхинчу кафе чохь оцу муьрехь хIума кхаьллина 24 стаг кхачийнера дарбан хIусамашка.

Талламаш дIахьочу юкъанна къаьстина кафен долахо бехкехилар. Кхи дIа кхело луьстур ду цуьнан гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG