ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалин коьртачу майданахь Ифтар хIоттийнера Нохчийчохь


ПIераскан суьйранна Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь Соьлжа-ГIалахь "Халкъан ифтар" хIоттийнера мехкан Iедалхоша, регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах. 2016-чу шарера схьа дуьйна ламаст хилла дIахIоьттина гIали чохь махкахошна лерина Ифтар дIахьош.

Соьлжа-ГIалин коьртачу майданахь шаннаш хIиттийнера бовхачу кхачанех, хастоьмех. Болчу хаамашца, 20 эзар гергга стаг вузо таро йара ифтарехь.
Гулбеллачара цхьана Мовлид а, Къуръанаш а дешна, ишта цхьана дIахIиттина зуькарш а дина.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG