ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIордахой маьршабахийтархьама Оьрсийчоьнна "тIеIаткъамбар" дехна Украинас


Шайца уьйрашкахь йолчу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрашка кхайкхамбина Украинан арахьарчу гIуллакхийн министралло (МИД), Оьрсийчоьнна Iаткъамбар доьхуш, Керчан гечонехь доза хадийна аьлла, бехкебен украинхойн хIордахой цIаберзорхьама.

"Тхайн партнерашка а, доттагIаллийн уьйрашкахь болчу мехкийн арахьарчу гIуллакхийн урхаллашка а дехар дина оха, Гамбургерчу Дуьненаюкъарчу трибуналан сацам кхочушбайта Оьрсийчоьнна тIетаIа аьлла", - яздина Твиттерехь Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Климкин Павела.

Хьалхо МИД-о дипломатин хаам бахьийтинера Оьрсийчоьнан МИД-н урхалле, стохка гурахь Керчан гечонехь дIалаьцна 24 хIордахо а, кхо кема а маца дIахоьцур ду аша аьлла.

Стигалекъекъа-беттан 25-чохь ООН-ан хIордахойн бакъонашкахула йолчу Дуьненаюкъарчу трибунало сацамбира, катоххий маьршабаха Украинан хIордахой а, цаьргара дIадаьккхина кхо кема а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG