ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIерчу Олимпикан ловзаршка ца йита тарло Оьрсийчоь


2020-чу шарахь Токиохь дIахьондолчу Олимпикан ловзаршка ца йита тарло Оьрсийчоь, кхоссавалархочо Лысенко Данилас антидопинган низамаш дохийна хиларца доьзна.The Sunday Times хьостан информацица, спортхочо низамаш дохийний хаарал а совнах, яйчу атлетикан Ерригоьрсийчоьнан федерацин хьаькамаша гIо дина спортхочунна уьш хьулдан а.

Карладоккху, стохка аьхка Дуьненаюкъарчу яйчу атлетикан ассоциацино (IAAF) цхьана ханна къовсадаларшна юкъарваьккхира 2017-чу шарахь дато мидал яьккхина кхоссавалархо Лысенко Данила. Допинг-агенташ шена тIебахкийтархьама ша волчу меттигах АДАМС системехь бита беза хаамаш язбечу хенахь низамаш дохийна хиллера цо.

IAAF-но хьо бехкехиларна къера хила, шина шаре кхаччалц хьайна дисквалификаци а йойтуш, йа шаьш гIуллакх Спортан арбитражан кхеле (CAS) дIалур ду аьллера спортхочуьнга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG