ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулехь автобус эккхийтина


Куьйгайина (СВУ) оьккхуьйтург чохь йолу автобус эккхийтина Кабулехь. ОвхIанистанан коьртачу шахьаран полисхойн 5-гIа дакъа лаьттачу кIоштахь дина зулам. Khaama Press хьостано дийцарехь, цхьа стаг вийна цу эккхийтарехь, 10-нна чевнаш йина.

Tolo News телеканалан информацица, студенташ хилла автобус чохь боьлхурш. Ишта билгалдоккху, шолгIа кхи цхьа эккхийтар а хилла цигахь бохуш, амма цунах лаьцна кхачаме хаамаш бац.

Цкъачунна динчу эккхийтаран жоьпалла цхьана а террорхойн организацино шена тIелаьцна дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG