ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь газах декхар дитина боху хаамаш харцбар доьху суьдхочо


Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхелан 70 шаре ваьллачу суьдхочо Дауркин Игора 17 латкъам хьажийна суьдашка тайп-тайпанчу Оьрсийчуьрчу зорбанан сервисаша шен сий а, балхаца йоьзна нахалахь йоккху цӀе а бехъярца боьзна. Цунах лаьцна яздо "Новая газето".

Цу зорбанан гIирсаша шайн агIонашна тIехь баржийнера «Коммерсантъ» газето арахецна «Нохчийчоьнах масал а эцна, шайна газах декхар дитар доьха регионаша" цIе йолчу материлера Нохчийчуьрчу бахархошна 9 миллиард сом газах декхар дита сацам бинарг Дауркин вара аьлла хаам.

Шен искашкахь суьдхочо Дауркина яздо, газах декхар дитарх лаьцна дуьххьарлера сацам бинарг ша вацара бохуш. Соьлж-ГIаларчу кхелан сайта тIехь болчу хаамца, и сацам тIеэцнарг вара Имаев Ахьмад. Цундела, зрбанан гIирсаша харц хаамаш баржийна, ткъа иза бахьана долуш, пенсе ваха хан тIекхочуш волчу ша гIайгIане вожийнера, наб а яйнера ше, сресс а хилира шена, яздина суьдхочо.

ХIора зорбанан гIирсера 5-10 миллион сом даккха дагахь ву Дауркин, шена дина моралан зен меттахIоттош. Цу кепара цо доьхучу ахчанан барам хила мега 75 миллион сом гергга.

Дауркина латкъам биначарна юкъахь бу кху тайпа зорбанан гIирсаш: Mail.ru, «Свободная пресса», «Капитал страны», «Энерговектор» «Новый взгляд". «Коммерсантъ» газетана а, Краснодарерчу «Обзор» сайтана а бина латкъамаш юхахьажийна Дауркинга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG