ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIума яарехь барамехь хиларе кхайкхина Кадыровс Оьрсийчуьрчу бахархошка


Кадыров Рамзан (юккъехь).

КIирандийнахь аьхначу кхачанан де даздеш, хIума яарехь барамехь хила аьлла, хьехар дина Оьрсийчуьрчу бахархошна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Дера, массара а дуьйца тIех сов дилха дилларо а, химикаташ йиттина хIума дукха яаро а дохьучу зенах лаьцна. Мангал-беттан хьалхарчу кIирандийнахь йина ца Iаш, ахьначу кхачанах лаьцна ойла ян еза шеран 365 дийнахь, Iуьйранна сарралц, сарахь сахиллалц,", - яздина цо шен Telegram-каналехь.

Кадыровс дагадаийтина, Дела элчано тIедиллина хилар, хIума яарехь барамехь хилар, кхача бууш кийран кхаа декъах цхьа дакъа кхачанца а, цхьа дакъа хих, ткъа дисина дакъа даьсса дита аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG