ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГРУ-н хилла эскархо вийна Москох гергахь хиллачу девнехь


Гайтаман сурт.

Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна Москох гергахь Путилково эвлахь хиллачу вовшахлатарехь, хилла волу эскархо вер хьокъехь. Цунах лаьцна хаам Талламан комитетан сайто.

Дийцарехь, ГРУ-н лерринчу тобанехь гIуллакх деш хилла ефрейтор Белянкин Никита тIехIоьттина ша вехачу хIусамана генайоццуш йолчу кафена уллехь маситтам еттачу стагана. И бахьана долуш урс кхетта оццу меттехь велла иза.

Вийначун доттагIехь цхьаммо дийцина ТАСС агенталле, 10 бутт хьалха Белянкинан контракт чекхяьллера тIеман министраллаца, иза дагахь вара Орцаллан министралле я ОМОН-е балха ваха аьлла.

Baza зорбанан гIирсо бинчу хаамца, таллам бар шен Iуналле эцна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалло.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG