ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламхоша къастийна ГРУ-н хилла эскархо вийнарш муьлш бу


Талламхоша къастийна Подмосковьехь, ГРУ-н хилла эскархо Белянкин Никита а вуьйш, хиллачу вовшахлатарехь дакъалоцурш муьлш хилла. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, Москох кIоштан талламан комитетан векалшна тIе а тевжаш.

Талламхоша цхьацца хIуманаш а, бедарш а дIаяьхьна хилларг толлуш оьшуш йолу. Карарчу хенахь уьш толлуш бу видеокамераша дIаяздинарг.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна Москох гергахь Путилково эвлахь хиллачу вовшахлатарехь, хилла волу эскархо вер хьокъехь.

Дийцарехь, ГРУ-н лерринчу тобанехь гIуллакх деш хилла ефрейтор Белянкин Никита тIехIоьттина хилла ша вехачу хIусамана генайоццуш йолчу кафена уллехь маситтам еттачу стагана. И бахьана долуш урс кхетта оццу меттехь велла иза.

Вийначун доттагIехь цхьаммо дийцина ТАСС агенталле, 10 бутт хьалха Белянкинан контракт чекхяьллера тIеман министраллаца, иза дагахь вара Орцаллан министралле я ОМОН-е балха ваха аьлла.

Baza зорбанан гIирсо бинчу хаамца, таллам бар шен Iуналле эцна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG