Марха достучу деношкахь хила езаш йолу ЕГЭ олу пачхьалкхан экзаменаш дIаялар тIаьхьатеттина Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а. Уьш хир ю Мангалан-бутт чекхболуш. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.
Дицарехь, цу хьокъехь Рособранадзор урхалан куьйгалхочуьнга Кравцов Сергейга дехар дина хилла Дагестанан дешаран министралло. Бинчу сацамца, Мангалан-баттахь 6,7 деношкахь хила еза экзаменаш хир ю кху беттан 27,28 деношкахь.
Иштта тIаьхьатеттина 9-чу классашкарчу дешархоша дIаяла еза ОГЭ экзаменаш а.
ДIабоьрзуш бу Мархийн бутт. Бусалбачу нахана тIедиллинчу пхеа парзанех цхьаъ ду Мархийн баттахь марханаш кхабар. Кхечу хенах къаьсташ, алсам ламазаш дар а, алсам диканиг дар а, вочу хIуманех а, къинош леторах а алсамо ларвалар а ду Мархийн баттахь бусалбачу наха ойла алсам тIеяхийта езачарех.