ГIиргIизойчоьнан хилла инарла прокурор Салянова Аида лаьцна, криминалан гонашкахь дош лелаш ву бохуш вуьйцу цу махкахь вина а, вехаш а волу нохчийн къомах волу тутмакх Батукаев Iаьзиз харцонца набахтера аравалийтарца доьзначу гIуллакхехула. Цунах лаьцна хаам бо цу мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Дийцарехь, Салянова бехке еш ю, харцонца Батукаев маьршавоккхуш дакъалацарна а, шен йолчу бакъонех тIехъяларна а.
2003-чу шарахь, 16 шо 8 бутт хан а тоьхна, чувоьллинера Батукаев ГIирзойчоьнан Iедалша. Иза бехке винера цу мехкан коьртачу гIалана Бишкекана гергахь йолчу колонехь къепедацарш вовшахтохарна. Тутмакхаш айина бунт дIайоьдуш цу колонехь вийра ГIиргIизойчоьнан парламентан депутат Акматбаев Тыничбек а, таIзарш кхочушдаран коьртачу урхаллан хьаьким Полотов Икматулла а, ткъа иштта парламентан ши белхахо а.
2013-чу шарахь Оханан-баттахь Нарынан гIалан кхело хенал хьалха маьршаваьккхира Батукаев, цунна ваха дукха хан ца йисина аьлла. Кхелера араваларца, "Манас" аэропорте а вахана, долахь долчу кеман тIехь йитира цо ГIиргIизойчоь.
Амма дукха хан ялале, лоьраша делла кехаташ харц хилла аьлла, ГIиргIизойчоьнан коьртачу прокуратуро Оьрсичоьне дIавийхира Батукаев. Делахь а иза дан аьтто ца хилиара. Цу хенахь (2014-чу шарахь Товбеца-баттахь) 53 шо долу "криминалан инарла" хан токхуш вара Нохчийчохь, бакъо йоцуш герз лелорна (маьршаваьлла 2017-чу шарахь).
Кху шара юхаталла долийначу Батукаев маьршаваккхарца доьзначу бехктакхаман гIуллакхехула лецна ву ГIиргIизойчохь лаккхарчу даржашкахь хилла маситта стаг, шайна юкъахь хилла вице-премьер Атаханов Шамил а волуш.