ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГРУ-н хилла эскархо вийнарш дIабахначух тера ду Эрмалойчу


Гайтаман сурт.

Вовшахлатарехь вийначу ГРУ-н хиллачу эскархочун Белянкин Никитин дас хаам бина, иза вийначарах цхьаъ лаьцна аьлла. Цу хьокъехь хаам бо РБК-но.

Белянкин Алексейс дийцарехь, инцидент хиллачу меттехь болх бечу Талламан комитетан векалша цуьнга дийцина, берриг а зулам дарна шеко йолу нах муьлш бу къастийна хиларх лаьцна, амма царах дукхахаберш дIабахна Эрмалойчу. Цхьаъ лаьцна ву, иза левеш бу талламхой.

Талламан комитетехь реза ца хилла цу хаамна комментари ян. ТАСС агенталло, талламхошца доьзначу хьастана тIе а тевжаш, хаам бо, шеко йолучерах цкъачунна цхьа а стаг лаьцна вац аьлла. Хьалхо вийначун накъостех цхьаммо хаам бинера, стаг верна бехке хила мега аьлла шеко йолчарна юкъахь ву вовшахлатар уллехь хиллачу Подмосковьерчу Путилково эвларчу баран белхахо аьлла.

Оршотан дийнахь цхьамоггIа Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздира, Шемахь тIом бина хилла эскархо нохчаша вийна аьлла. ХIинца и верси хьахош яц цара.

Ефрейтор хилла Белянкиин Шемахь тIом беш хилла вара ГРУ-н тобанехь. Цунна урс кхетта, тапча а яьккхина, вовшахлеташ болчу нахана иза юкъагIортар бахьана долуш.

Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх талла долийна, стаг верна аьлла цIе а тиллина.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG