ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еза чов йинчу жимачу стагана гIо гулдеш бу Нохчийчуьра бахархой


Герз кхеттачу жимачу стагана Габанукаев Абубакарна гIо дар Iалашонца ахча гулдеш бу Нохчийчуьра бахархой, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Дийцарехь, цунна вуно еза чов йина муьлш бу ца хуучу наха герз тохар бахьана долуш.

Болчу хаамца, и бохам хилла дIадаханчу кIиранах Шелан кIоштарчу Жимачу АтагIахь. 24 шо долу Габанукаев гIо дакхха хьадда, орца доьхуш лулахочо бетта мохь шена хезча. Герз карахь нах хилла иза нуьцкъала дIавига гIерташ. Бага а тоьхна, царах цхьаммо автомат тоьхна Габанукаевна.

Официалан кепара цуьнах лаьцна бина хаам бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG