Къилбаседа Кавказерчу къона бахархоша спортан ерриг а кепех цхьа латар бен ца харжар дита деза. Кхин тайпа пайде а, тайна а спорт ю, цу регионехь кхио хьакъдолуш, масала, футбол а, хIоккей а. Цунах лаьцна Мангалан-беттан 3-чу дийнахь Налчикехь хиллачу Къилбаседа Кавказ кхиоран хьалхарчу форумехь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато хIоккейх ловзуш шозза Олипан чемпион хиллачу Фетисов Вячеслава.
"Тоьар ду шуна, Iуьйранна сарралц лета, суна хетарехь, хIоккейх а, футболах а ловза хан тIекхаьчна, цо юкъараллехь кхин хьал кхуллу", - аьлла Фетисовс.
Къилбаседа Кавказехь кхуьучу къона кIентийн онда характерш ю, уьш гIораллина вуно дика кечбина бу. Цара тобанехь ян оьшуш йолу ойла кхио еза шайна юкъахь, ткъа хIоккейно иза дукха сиха Iамадо, билгалдаьккхина Олимпан чемпионо Фетисовс.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?