ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саидов Билал. Ши бералла


Саидов Билал
Ши бералла

(Поэми тIера цхьа дакъа)

Маьхьарий девлира,
Зударий тевжира,
Тоьпаш а евлира.
Вер-ваккхар хилира,
Тхан жимчу цу юьртахь,
Шиъ тезет хIоьттира,
Вайн нохчийн ярташкахь
Иштаниг – хуьлура.
Ишта дIадолийра
Шен дийцар Акхмирзас.
Со воллу, ткъа, хIинца,
Дийцинарг цо дийца,
Дог Iийжаш кийрара
Айса ладийгIинарг –
Сайна диц ца лун дерг-
Шуна а довзийта.

Ламанан локхаллехь
Наггахьчу боьрачохь
Малхо ло къегадеш,
Цхьаццанхьа малхбасахь
Зезагаш лепадеш,
И дара цхьана дийнахь
Тхан юьртан урамехь,
Со ловзуш леллачохь.

Шен къена даьIахкаш
Малхе а хьийзаеш,
Кхоьлина шен бIаьргаш,
Лаьтта а хьежадеш,
КетIарчу гоьрга тIехь
Акхмирза хиъна Iаш,
И дара цхьана дийнахь
Цо тхоьга и дуьйцуш.

Тхо кетIахь Iийначу
ЦIенойн кибарчигаш
Заманан йохаллехь
Корсумо хьулйина,
Тхо гонах хийшинчу
Базанан гоьрган доь
Iуналла дацарехь
Гуттаренна дайна,
Гоьрга тIе лахвелла.

Ойланехь кIаргвелла,
Заманан холалло,
Цу шерийн дукхалло
Гулдинчух уьйриг беш,
Керарчу гIожаца
Лаьтта тIехь сизаш деш,
Тхоьга схьа а хьоьжуш,
Акхмирза вац хIинца.


Хебаршка ихна юьхь.
КIорггера гIийла аз,
БIаьргаш чохь гуш хилла
Тешамен ойланаш.
Къежделла цIоцкъамаш,
И гIийла тхоь хьежар
Дицдала ца туьгу,
Цо дина и къурдаш.

Дийцарехь тIех чолхе,
Низамца шаьш доцуш,
МаьI-маьIне каетташ
Цо тхайна дийцинарш,
Дуьйцурш – дог лазийнарш,
Сих тхан шаьш Iаьткъинарш.
Оха ладийгIинарш
Дуьйцур ду ас шуна.

Школера тхо догIуш,
Тхан гIовгIа а хезаш,
Малхана куьг лоьцуш
Тхоьга схьа а хьоьжуш,
Гуттар а санна
Гоьрга тIехь Iачунна,
Тхо дуьхьал хевшира,
Цо дийца долийра:

"Ас дуьйцур ду шуна
Бераллех сайн лаьцна.
Шух бIаьрг ма кхиттанехь
Сайна карладериг
Сан бералла, шуьца
Дуста йиш йоцуш ду,
Цу шинне юккъера
Башхалла йоккха ю.

Говран амал санна
Лан халчу заманахь,
УьстагIан стим санна,
Чам къаьхьчу заманахь,
Лаьхьанан сурт санна
Ирчачу заманахь,
ДIадаьлла бералла
ДогIур дац и юха.

Суьйренан гIайгIаеш
Iуьйранна гIуьттучохь.
Кханенах шек волуш
Буьйсанна вуьжучохь.
Вахаран готта некъ
Ас хала кхехьначохь.
ДIадаьлла бералла,
Сайниг кхин догIур дац.

Мацъелла борз санна,
Адамаш дарделла,
Гуй къуьйсу пхьу санна,
ЧугIерташ вовшашна.
Гаттоно бIарздина
Халкъ гIийла леллачохь
Дисина бералла
Боданен шираллехь.

Буьйсанна борз угIуш
Ламанан цу варшахь.
Дийнахь наной тийжаш
Тхан къечу цу юьртахь,
ДIаяьлла жималла
Хийланна акхаллехь,
Дицлур дац и цкъа а
Заманан йохаллехь.

Кхин амал сайн доцуш
Со нехан же лелаш,
Жен жIаьлел сий доцуш
Жен дена со хеташ,
Пхьоьхана со ваьлча –
Лен кIорни, соь бохуш,
ДIаихир цхьа зама
Декъазчу жималлехь.

Мерзачу набарах
Iуьйкъа хенахь вохуш,
Чомехьчу кхачанах
Со даим хьегавеш,
Дузаза а доьхку
Галин дист, соь бохуш,
Шуьна тIера со гIиттош
Ихира и зама.

Со винчохь, сан дай а,
Дайн дай а баьхначохь,
КIохцалаш сан когех
Со лазош ихначохь,
НеIаран мачаша
Сан когаш биъначохь
Йисина жималла-
Со гIийла леллачохь.

Шен йоцчу бакъонна,
Цу халчу дахарна,
Шен ши бIаьрг белхабеш
БIаьрга буй хьийзабеш,
Нанас со техкийнчохь
Iазапен цу муьрехь,
ДIаихна сан шераш
Хийланнийн ва санна.

Туьхна тесна мижарг
ТIоьрмиг чу кхуссий, со
Жа дажо воьдура.
Суьйранна цIа веъча
Верта сайн тIе тесна,
РагIу кIел со вижча,
ГIийлачу гезарша
Суна тIехь бун йора,


Хьоладен уьйтIарчу
Лохачу тхан цIа чохь,
КIур хьийзош товхано
Корех чу мох хьоькхуш,
Хьакхаран цу чиркхо
Кийра кIурз буьллура.
Иштачу вахаро
Хеназа къанвора.

Базанан гоьрга тIехь
Кест-кеста гуллора.
Дийцаран чулацам
ТIаьхь-тIаьхьа шорлора.
- Шайна ца кIордийнехь
Дуьйла шу кхана а, -
ДIа моссаз тхо духу
Акхмирзас олура.

- Бераллаш дац тера
ХIетахь а, хIинца а,
Хир ду и дийцина
Кхечо а ас санна,
ХIета а и деза
Юх-юха дийца, -
Акхмирзас олура:
- Кхоьру аш дицдарна.

Шун санна, сан жимчохь
Бералла хиллехьара,
Шун санна, сайн хенахь
Сан кхиар хиллехьара,
Со хьоьжур вацара
Сел дукха ширалле,
Декъаза сайн нана
Цу балехь гуш сайна.

Урд аха стерчий лург
Урд асар дуьллура.
Ткъа, тхан урд хуьлура
Юкъахь лело эцна.
Охана деш буьйсанна
Хорша бертал оьгуш,
Хуьлура со юьхь лаьцна
Сайн гIора тIех эшна.

Урд деллачунна а,
Стерчий лург вукхунна,
Тхан даца дезара
Тхайн доцчу гIоранца.
Асарахь, аганахь
Малхехь бер делхадеш,
Сан нана яцийра
Цу къизчу хьалхоша.

Бераца шен ага
Букъах а дихкина,
И кхийра сурийла
Мара а йоьллина,
Берзинчу когашца
Со улле ваьккхина,
Нахана асара
И дукха ма ихна.

Тхов тIерчу заIарш тIе
ХIурах кIац йиллина,
Арарачу апарех
Шан туьтеш оьхкина.
Цхьана маьIIехь латтош
Чохь йовха а латтош
Тхан юьртал арахьа
Цхьа хьера лаьттара.

ШайтIанийн бIарлагIаш
Хьера кIел хIуьттуш,
Цу хьера йогIучу
Нанна улло ваьлла,
Буса хьера ихна
Со жинех а кхоьруш.
Хьер вон хиларна,
ТIехь буьйсанаш йохуш.

КIар-кIаран гIовгIано
Набарна теIаеш,
Буьйсанна шелоно
Товхане теIаеш,
Хьеран юьхь ша ларъеш
Урчакх а хьийзаеш,
Нанас маша ма бора
Верзина ца вита.

Цу машо дардора
Сан буьйда дегI чIогIа.
Ишттанаш тхо дара
Ерриг юрт а, аьлла.
Цхьа пхи-ялх цIа дара
Цу юьртахь токх дехаш,
Церан бераш дара
Ца дешаш тхох кхаьрдаш.

Вовшашка цабезам
Де мел дели IаьIаш.
Тоьллачо гIийланиг
Вацавар сов долуш
Ши тоба ехара
Тхан жимчу цу юьртахь,
Иза иштта дара
Массо а ярташкахь.

Юьртан урамашкахь
ПхьоьгIанаш хIуьттура,
Бала балхабора
ПхоьгIанийн дукхаллехь,
Кхачо ца туьгура
Ша денна IаьIаш дерг,
Дийцаро дарвора
Балано теIош верг.

ТIулга тIе лахвелла
Пондарах пIелг туьйсуш,
ПхьоьгIано ладоьгIна
Шайн бала балхабеш.
Пондар а, шен дог а
Цхьабосса делхадеш,
Илланча ву хиъна
Бакъ дешнаш дагардеш.

-Да виса хьан делаI,
Малх кхета хьо дуьне,
Хьан диъна хетий хьо
Хетариг ва хилла?
Да виса хьан делаI,
ХIай маьлхан кIайн дуьне,
Ца диъча хIун дара хьо,
Тишделла хьо дуьне?!

ДIадахнарш дуьйцуш,
Дайн хьуьнарш хестадеш,
Оьздачийн гIиллакхаш
Лелийнчийн доьналлаш, -
Уьш дерриг хьехадеш
Баккхийнаш бу лаьтташ,
Шайн юьртан сий лардеш,
Хьаша-да тергалвеш.

Цу оьрсийн деналлаш,
Цхьадолу зуламаш
Паччахьо тийсинарш,
Уьш дерриг хьехадеш
Генарчу ширалле
Ойланаш кхийдаеш,
Хуьлура уьш хьехош
Баккхийчийн и тоба.

Голаш тIе лахвелла
Хьалха Iаса Iуьттуш,
Къежделла цIоцкъамаш,
Ойланен хебадеш,
Ягийна вайн ярташ
Дог лазош хьехадеш,
Воккха стаг Iа дуьйцуш

Шайн бакъо ца хилар.
Декъаза шаьш хилар.
Дийцина ша ваьлча-
Диц ма де олура.
Пондарчас тIаккха а
Шен илли олура,
Ламанан семаллехь
И гIийла декара.

Къеначу старана
Къохка дукъ ва санна,
КIордийна вогIу хьо,
Хьолахойн кIайн паччахь.
Цаторчу ва яьлла
Iаьржа бIаьрг ва санна,
Iаьткъина вогIу хьо,
Хьо дала вохаварг!

Дерина, я тегна
КIайн марчо ва доцуш,
ГIевлингахь чурт доцуш,
ТIехь бина барз боцуш.
Бакъоне сатуьйсуш,
Шен махках хьегавеш
Маса кIант вайин ахь,
Хьо наха вохаварг.

Хетарг а хуьлуш дац,
Яздинар туьлуш дац.
Зама дIаоьхур ю,
Iожал тIе кхочур ю,
Вай кIентий къестар ду,
Вовшийн а дицлур ду.-
Ишта дара дешнаш
Гаттоно гулдинарш.

Дин хIотто чоь йоцчу,
Герз олла пен боцчу,
Готтачу лахьти чохь
Баалур бац вайга
И мерза безамаш.
Далале эца вай
Вовшеха и марзо,
Яхь йолу ва кIентий!

ТIаккха хьахабора
Халкъалахь турпалнаш:
И Таймин Бийболат,
Iахин кIант Темаркъа,
И Мадин Жаьммирза,
Зайтан кIант Шихмирза,
Дош говза, кIант майра
Мел вериг къонаха.

Зуламаш – хилларш
Шаьш карладахарехь
Лелийнчийн хьуьнараш
Доьзалехь дийцарехь.
Кхуллура цара шаьш
Вочуьнга цабезам,
Кхуьура тIаьхьенаш
Болуш изза лазам.

Ишта дIаихира
Цу хенахь тхан шераш,
Иштачохь хуьлура
ХIетахь тхан сакъерар,
Боданехь дохкура,
Дуьне а ца гора.
Тоьллачийн тобанца
Тхан барт ца хуьлура.

Дацара цу новкъахь
Къаьхьонан кад муьйлуш
Кханий-кханий бохуш,
Дикане сатуьйсу,
ДIаели жималла
Тхайниг, кхин хир йоцуш,
Шуьниг ду бералла
Оха сатийсинарг!

Ламана малхбасехь,
Цу децийн дажарехь,
Малх буза цIийбелча,
Яьржинчу ойланехь,
Цу эрзан шедагца
Жен Iуьнан йиш лоькхуш,
ДIаяхна жималла
Дикане сатуьйсуш.


Нагахь жий остбалахь
И сан бехк ма бора.
Жа нехан хиларна
Сан ял чулорура,
Цу декхареха со
Цкъа а ца волура.
Борз-газий санна, тхо
Вовшашка хьоьжура.

Мачи чу ча теIош,
КIажаш а эттIа,
ГIелвалар лечкъадеш
Ша хала садетташ,
Сан да а вецира
Цу йохар заманахь.
Еккъачу сискална,
Цу йохар заманахь.

Дерриг карла долу,
Шух бIаьрг ма кхиттанехь
Дагна а там хуьлу,
Шуьга и дийцарехь…
Варийлаш, варийлаш
И диц аш ма делащ,
Кху шайгахь долчуьнан
Пусар деш хилалаш.


Шуна хетарг

Гайта комментареш

Саи́дов Била́л Саи́дович (1914 шеран 10 июнь, МахкатӀе, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери1994 шеран 15 ноябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Росси) — нохчийн яздархо, поэт, драматург, Нохчийн пачхьалкхан драматически театран актёр а, режиссёр а, Нохчийн пачхьалкхан кеги хьовсархойн театран режиссёр, гочдархо, Нохч-ГӀалгӀайн Республикан а, СССР а (1939) яздархойн союзийн декъашхо, СССР журналистийн Союзан декъашхо (1958).

https://ce.wikipedia.org/wiki/%D0%A1%D0%B0%D0%B8%D0%B4%D0%BE%D0%B2,_%D0%91%D0%B8%D0%BB%D0%B0%D0%BB_%D0%A1%D0%B0%D0%B8%D0%B4%D0%BE%D0%B2%D0%B8%D1%87

КХИН А

Авторш

XS
SM
MD
LG