ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батукаев Iазиз маьршаваккхарна прокурор бехкево талламчаша


Батукаев Iазиз
Батукаев Iазиз

Криминалан авторитет Батукаев Iазиз набахтера маьршаваккхаран гIуллакхан хьокъехь дIалаьцна лерина прокурор лаьттина, карарчу хенахь Нарынскан кIоштахь прокуроран гIовс волу Акматалиев Майрамбек.

ГIиргIазойн Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина цунах хаам, дIалаьцначунна Бишкек гIаларчу Первомайскан кIоштан кхело пачхьалкхера аравалар дихкина хилар билгалдоккхуш.

Криминалан гонашкахь дош лелаш волу Батукаев Iазиз бакъо йоцуш маьршаваккхар толлуш хиллачу ханна къастийначу депутатийн комиссино Iорадаьккхира, цунна бехкеболчийн цIераш тIехь йолу тептар. 28 хьаькамашлахь яра Акматалиев Майрамбекан цIе а.

Лаьцнера, амма юха дIахийцира.

Криминалан авторитет Батукаев Iазиз дIахецар толлучу юкъанна ГIиргIазойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло кху деношкахь дIалаьцна Нарынскан кIоштарчу прокуроран гIовс Акматалиев Майрамбек. Цхьана заманчохь леринчу прокуроран даржехь вара иза, таIзар кхочушдаран урхаллашна тIехь терго латтош.

Хенал а хьалха Батукааев Iазиз арахецарх леван кхайкхинера Акматалиев Майрамбек. Лаьцначул тIаьхьа Бишкек гIалин Первомайскан кIоштан кхеле вигира иза, дIасавалар доьхкуш, сацам бовза.

ГIиргIазойчоьнан Республикан векало Осмонбаев Эрниса бахарехь, кхело дихкина цунна махкара аравала, иштта тIедожийна тIекхайкхича тIевар а.

"Леринчу прокуроран даржехь лаьттина, кху хенахь Нарынскан кIоштан прокуроран гIовсан декхарш кхочушден Акматалиев Майрамбек дIалаьцна, зуламна бехкехиларан шеконашца. ДIасавер вац ша аьлла, кехатна куьйгъяздина цо. Шен-шен хенахь кхеле леван тIевар а тIехь ду цунна. Кху беттан 26-чу кхаччалц хьакхалуш ду и дехкарш. Карарчу хенахь талламан барамаш бу дIахьош цуьнан хьокъехь", - аьлла Осмонбаевс.

Оцу юкъанна билггал хууш дац, талламаш берззалц Нарынскан кIоштан прокуроран гIовсан даржах дIаваьккхиний Акматалиев Майрамбек.

Инарла прокуратуран пресс-центро а тIе ца чIагIдо, прокурор декхаршна мукъаваьккхина йа ца ваьккхина. Белхан хьокъехь Бишкеке вахийтина ву Акматалиев Майрамбек элира Нарынскан кIоштан прокуратурехь. Цуьнца зIе а тесна, комментари эца аьтто ца баьлла Азаттык Радион.

Лерина прокурор бехкеварх а, цо динчух вист а хуьлуш, тIеман прокурор лаьттинчу Кожоналиев Кубатбека билгалдаьккхина: "Оцу гIуллакхах дукха хенахь дуьйнна дерриг а хууш дара. Цигахь талла оьшуш хIума а дац. Акматалиев Майрамбек хIетахь лерина прокурор вара, иза декхаре вара цу хенахь хиллачу куьйгалхоша боххург дан. ХIунда аьлча, Батукаев Iазиз маьршаваккха йоллу пачхьалкхан система яра болх беш. Цундела оцу гIуллакхна коьрта бехкечарна тIе ца кхочуш, талламчаш сеца оьшуш дац кхелахошна а, прокурорашна а тIехь".

6 шо хьалха хилларг билгалдаккхар

2013-чу шарахь криминалан авторитет бакъо йоцуш арахецар талла цхьана ханна билгалъяьккхинчу депутатийн комиссин куьйгалхочо Шер Болота дIахьедира, леринчу прокуроро Акматалиев Майрамбека цхьана а кепара дан оьшу гIуллакхаш ца дира, Батукаев Iазиз маьршаваккха таронаш лучу хенахь.

"Батукаев Iазиз маьршавоккхуш хIоттийначу кхелан кхеташонехь дакъалоцуш вара леринчу прокуратуран векал Жуматаев Кубатбек. Иза кхеле хьажочу юкъанна леринчу прокуроран гIовса Айманбетов Шайлообека багахь аьлла хиллера, Батукаевс динчу зуламе хьаьжча, хенал а хьалха иза араваккхар низамашкахь дац, цундела пачхьалкхан таIзар кхочушдаран урхаллана (ГСИН) тIетан мегар дац аьлла. Амма Нарыне Жуматаев Кубатбек схьакхаьчча, цунна дуьхьалвеанарг, хIеттахь садаьIна балха араваьлла, Акматалиев Майрамбек ву. Оцу бахьанашца, Жуматаев декхаре хилла, Айманбетовс аьлларг тIех а тесна, Акматалиевна тIетан".

ГIиргIазойчоьнан Республикан Лакхарчу кхелан куьйгалхочо, экс-депутато Осмонов Курманбека дIахьедира, депутатийн комиссино талламаш бечу юкъанна гучудаьлла хиларх, хIетахь лерина прокурор хиллачу Акматалиев Майрамбекан леларехь кхета хала долу хIуманаш тергалдина хиларх.

"Прокуроран гIовса Айманбетовс кехатца дIахьедар дира инарла прокуроран гIовсе Усманова Людмиле, Батукаев низамаш дохош, араваккха гIерта аьлла. Низамаш дохийна а, уьш ца го моттуьйтуш а лелла дукха меттигаш бара цигахь", - аьлла Осмоновс.

2013-чу шеран Охан-беттан 9-чохь Нарынскан гIалин кхело, лоьрийн тоьшаллин бух тIехь сацамбира, криминалан гонашкахь дош лелаш волу Батукаев Iазиз набахтехь яккха тоьхначу хенал а хьалха маьршаваккха. "Дарба доцу лазар токхуш ву иза" аьлла, яздина хиллера лоьраша деллачу кехат-тоьшаллина тIехь.

Цуьнца доьзна юха а талла долийна Батукаев низамаш дохош маьршаваккхарх гIуллакх. Баккхий хьаькамаш лаьттинарш, шайлахь экс вице-премьер Атаханов Шемал а волуш, лаьцна бу оцу гIуллакхна тIехула.

Материалан автор Азаттык Радион корреспондент, гочйинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG