ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилина Iедалехь дарж дала дагахь вац президент Зеленский


Саакашвили Михаил.

Украинин президент Зеленский Владимир дагахь вац Гуьржийчоьнан президент хиллачу Саакашвили Михаилна Iедалехь дарж дала. Цунах лаьцна хаам бина Брюсселехь официалан визитца волчу Зеленскийс.

Хьалхо, Саакашвилина Украинин махкалла ша юхадерзорна комментари еш, Зеленскийс билгалдаьккхира, политикан а боцуш, адамаллан сацам бара ша бинарг, цуьнгара паспорт харцонца дIадаьккхина хиларна аьлла.

Стигалкъекъа-беттан 29-чохь Киеве цIавирзинчу Саакашвилис дIахьедар дира, керла Украина кхуллуш дакъалаца дагахь ву ша, амма Iедалехь кабинет я дарж дIалаца гIерташ вац ша аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG