ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчьурчу яхархочо Истанбулехь эцна кучамаш а, кIархаш а дIаьбаьхна Соьлж-ГIаларчу таможнехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Истанбулера Соьлж-ГIала кхаьчначу кеманца цIабаьхкинчу некъахошна таллам беш таможнин белхахоша зударийн кучамаш а, кIархаш а дIабаьхна цхьана зудчуьнгара. Цунна бехке дуьллуш ду хIинца, деклараци а ца еш, махка товар дар, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Зударий кучамаш а, кIархаш а бохьуш лаьцначу зудчо дийцарехь, цо уьш базарахь бохка беана хилла, Туркойчу садаIа йоьдуш шен яьлла харж меттахIотто дагахь. Цуьнгара дIаяьккхина 13 коч а, 38 кIарх а дIахьажийна Минеральные Воды аэропортан таможнин цIарх схьаяьхна хIуманаш латточу меттиге.

Цу таможнин Нохчийчуьрчу постан хьаькамо Сабанчаев Эмдис чIагIдарехь, низам дохийначу зудчунна административан таIзар дийр ду я цуьнгара и хIуманаш дIайохур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG