ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бензин лачкъорна нохчочунна гIуда тоьхна Тверехь  


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Тверан Заволжски кIоштан кхелехь листина Къилбаседа Кавказера схьаваьллачу шина стеган административан гIуллакхаш. Цу шиннах цхьаъ нохчо ву, ткъа важа ву Дагестенера вахархо. Царна бехке дуьллуш ду АЗС станцешкахь бензин лачкъор, яздо Тверерчу зорбанан гIирсаша.

Вовше вевзаш воцу цу шина стага цхьа кеп лелийна кочаягориг лачкъош. Машен чу бензин а доьттина, ахча дIа а ца луш, дIавахана ишиъ.

Цхьана зуламхочо цу кепара 39.5 литр безин лачкъийна, ткъа шолгIачо лачкъийна – 30 гергга литр. Кхело цу шиммо лелийнарг кегийра къола дар лаьрра, ахачанан барам 1500 соьме кхочуш ца хиларна.

Низам дохорна цу шинна хIоранна 3000 сом барамехь гIуда тоьхна суьдхочо, хаам бо кхелан зорбанан сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG