ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь Серноводскера яхархо кхалхаран бахьана къастош ю прокуратура


Нохчийчоьнан прокуратуро таллам болийна зорбанан гIирсашкахь баьржина хаам бахьана долуш. Кху деношкахь цхьамогIа зорбанан гIирсаша хаам бинера, Стиагкъекъа-беттан 25-чохь некъахьовзамехь, тIе машен а тоьхна, зуда ер хьулдеш зуламхоша цуьнан дакъа тIекIелдинчу цIийнан корехула аракхоьссина аьлла.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, Нохчийчохь хьулдан гIерташ бу Хакимова Байсет тIе машен а тоьхна йийна хилар, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан администрацин белхахочун гергарчу зудчо.

"Нохчийчоь тахана" агенталло яздарехь, Стигалкъекъа-беттан 24-чохь 12-чу тIегIантIехь йолчу петаран корехула чуйоьжна елла 56 шо долу Серноводскера яхархо. Дийцарехь, талламхошкахь видео ю и зуда цу цIийнан чугӀойлина тIе йоьдуш а, цул тIаьхьа 10-15 минот яьлча корех иза чуюжуш а яьккхина. Оцо харц до иза некъахьовзамехь йийна бохург, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Болчу хаамца, Серноводскера яхархо кхалхар муха хилла, иза йийна я елла бохург къастош таллам болийна Нохчийчуьрчу прокуратуро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG