ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЦIа дигийша тхо Шемара"


Карарчу хенахь Иракъехь болчу ГIиргIазойчоьнан бахархойн идентификаци йина бевлла шина а агIонан Iедалхой. Ишта уьш даймахка берзо дийцарш ду долийна. Оцу гIуллакхна гунахь йолчу Иракъерчу хьукматашца болх бу дIахьош ГIиргIазойчоьно.

Каде хьийза гIиргIазойн бахархойн хьокъехь Шемахь а, хаамбо ГIиргIазойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Оцу юкъанна, Шемахь а, Иракъехь болчийн гергарчара Iедалшка дехар до, шайн ка ма йоллу, шайн доьзалш цIаберзабахьара бохуш. Хьалхо оцу дехарца мехкан президенте Жээнбеков Сооронбайга а бевлелера уьш.

2014-чу шарахь Шема дIаяхана Мураталиева Гульмирин цхьаъ бен йоцу йоI кхи юха ца еара. ХIетахь 19 шо дара цуьнан. Оьрсийчохь белхаш беш яра ша боху нанас, шен йоI Шема дIаяхча. Цхьа хан яьлча цигахь маре яхана йоI, хIинца шина беран нана ю иза. Карарчу заманчохь шен йоIаца зIенехь ю нана, тIаьххьара шаьшиннан хиллачу къамелахь, йоIа цIа ян лууш ю ша элира боху нанас.

"Дика хир дара, Iедало шайн ма-хуьллу сиха тхан Шемахь болу нах цIаберзийча. Селхана сайн йоIаца къамел дина ас, цо боху "катоьхна тхо цIа дигча кхузара ма дика хир дара". Цуьнца цхьана болчарна хиъначух тера ду шайн ГIиргIазойчуьрчу дайшкара, наношкара, кеста цIа дуьгур ду аьлла. Шайн мел йолу хIума вовшахтоьхна Iаш ду шаьш боху цо, новкъадовла кийчча. Iаламат цигахь йовха ю боху сан йоIа, Iуьйранна 7 сахьт даьлча а садоIийла йоцуш хуьлу боху. Шаьш буьйсанаш йоху четарш наггахь малхехь догу бохура цо", - дуьйцу нанас.

Туркойчу балха а яхана, цул тIаьхьа яйра шен йоI бохуш, дуьйцу Калилова Сыргас. Билггал хууш дац цунна, шен йоI Иракъехь ю йа Шемахь ю. Ши шо хьалха полисхоша хаамбира боху шега, хьан йоI йа Шемахь, йа Иркъехь хила тарло, цуьнгара кост деаний хьоьга аьлла. ТIаккха кхийтира со, сайн йоI Туркойчохь йоцийла. Дукха хан йоццуш йоIа телефон тоьхна хилла шен нене. ЛартIахь къамелдар ца хилира шаьшиннан бохуш, дуьйцу нанас.

"Йа цаьрга телефонаш ца лелайойту а ца хаьа суна, йа цуьнгахь шегахь телефон яц а ца хаьа. Амма иза стенгахь ю, хIун лелош ю хаа, чомехь къамелдар ца хилира тхан. Бакъду, тхоьгара хьал а хаьттира цо, ша цигара цIайигар а дийхира. ХIетахь дуьйна йоьлхуш, сагатдеш ю со. Дала цхьанна а тIе ма хIуттийла аса мел лайнарг", - элира нанас.

Кху беттан 3-чу дийнахь ГIиргIазойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хаамбира, Иракъан Iедалшца юкъахь шайн цигарчу мехкашкахь болчийн идентификаци йина девлла шаьш, хIинца уьш цIаберзо некъаш лоьхуш ду аьлла.

ГIиргIазойн хьокъехь изза болх бу беш Шемахь а. ГIиргIазойчоьнан вице-премьер йолчу Разакова Жениша дIаяьхьначу кхеташонехь дина цу кепара дIахьедар. Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан комитет (ГКНБ) а, арахьарчу гIуллакхийн министралла а, Пачхьалкхан регистрацин урхалла (ГРС) а ю карарчу хенахь оцу хаттаран йист яккха гIерташ аьлла цо.

Шеман а, Иракъан а территореш тIехь бисинчийн гергарчаьрца болх беш ю Юкъараллан цхьанатохараллан куьйгалхо Алыйкулова Марипа. Шайн бахархой Иракъера а, Шемара а цIаберзорехь тIаьхьа юьсу ГIиргIазойчоь луларчу мехкел а аьлла, ша саготта хилар хаийтира цо.

"Таро йоьхна хьийза дай-наной. Цара хьаьнгга орца дехахь а, жоп луш стаг вац царна. Шемахь тIом бирзина 1, 5 хан ю. Ткъа тхан бахархой адамо ловр доцчу хьелашкахь йолчу каппашкахь латтош бу цигахь. Казахстанел а, Узбекистанел а, Таджикистанел а тIаьхьа диса дезаш ма дац вай", - боху Алыйкуловас.

Луларчу республикех дерг аьлча, масала, Казахстанехь кхо операци чекхъяьккхина, хIинцале цигара цIаверзийна 357 стаг.

Байначу беттан 30-чохь тIеман кхийсарш ечу дозанашкара Узбекистано шайн 156 вахархо цIавалийна. Ткъа Таджикистано байначу беттан юьххьехь Иракъера 84 бер даймахка дерзийра.

ГIиргIазойн арахьарчу гIуллакхийн министралло цкъачунна хоуьйтуш дац, Шемара а, Иракъера а бахархой муха цIаберзо дагахь ду шаьш. Парламентан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула а, кхерамзаллехула а йолчу комитетан декъахочунна Турсунбеков Жогорку Кенеша Чыныбайна хетарехь, шайн ма-хуьллу маса ерзо еза Iедалхоша и процесс.

"Iехийна цига бигинарш а бу царлахь, цхьаберш дахаран ледарчу хьелаша кхачийна бу. Амма мухха делахь а, вайн бахархой ма бу уьш. Уьш некъах тилла нах белахь а, уьш цIабалор пачхьалкхан декхар хилла ца Iа, церан имидж ма ю иза. Уьш даймахка берзо некъаш каро деза. Нагахь пачхьалкхна зен цара дина меттиг белахь, тIаккха жоьпе озор уьш", - боху Турсунбековс.

Инарла прокуратуран информацица, 2018-чу шарахь ницкъаллийн структураша 110 бехкзуламан гIуллакх долийна Шемарчу тIемашка дIаихначарна дуьхьал. Гулдинчу тоьшаллийн бух тIехь бехкаш дехкина оцу нахана. 110 гIуллакхах 55 кхеле кхачийра, царех 44 стаг бехкехилар тIечIагIдира.

Жоьпалле озийначарех 76 процент бахархой Ошскан кIоштара бу, 12 процент нах Джала-Абадскера схьабевлла ву. Ткъа царех 94 процент - божарий бу, бисинарш - зударий. 30 шаре кхаччалц хенаш йолуш бу 60 % кхеле хIиттинарш.

ГКНБ-н официалан векало Сулайманов Рахата хьалхо дIахьедира "Азаттык" радиона еллачу интервьюхь, Шеман а, Иракъан территореш тIехь ГIиргIазойчу кхача гIерташ кхечу пачхьалкхийн бахархой а цхьана бу аьлла.

"Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан комитете стохка кхо хаам кхечира "Шемара дIадигийша тхо" аьлла. Талламаш бинчул тIаьхьа къаьстира, царех цхьа а ГIиргIазойчуьра цахилар. И бохург хIун ду, кхечу пачхьалкхийн векалш бу-кх ГIиргIазойчу а кхаьчна, кхузахь дIатарбала гIерташ. ХIунда аьлча, кхечу пачхьалкхашкахь санна шога ма даций вайн низамаш", - дийцина Сулаймановс.

ГКНБ-н зерашца, тахханалц Шема дIавахана ГIиргIазойчуьра 800 вахархо. Царех 200 гергга вийна цигарчу тIемашкахь.

Ишта билгалдаьккхина, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх гIиргIазойн 140 зуда дIакхетта хилар а.

Материал гочйина гIиргIазойн Азаттык Радион сайтера

Стенна тоьа шуна шайн каракхочу ахча?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG