ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь бизнес тIехкетарехь хьалха ю ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а


Оьрсийчохь 2018-чу шарахь уггар дукха компанеш тIекхетта ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, хаам бо РБК-но, FinExpertiza аудитан-консалтинган агенталлана тIе а тевжаш. Цо бинчу талламца, стохка Оьрсийчохь схьайиллина 290 эзар керла компани, ткъа болх бечура сецна - 600 эзар сов, яздо "Кавказ.Реалиино".

ДIакъевлинчу компанин терахь 2,14-зза алсам ду, керла кхоьллиначарал а. Оьрсийчохь 4 регионехь а бен ца нисделла дIакъевлинчарал а алсам компанеш кхоллар.

Уггар дукха компанийн терахь тIекхетта ГIалгIайчохь: цигахь схьайиллина стохка 615 компани, дIакъевлина - 384. ШолгIачу меттехь ю Нохчийчоь. Цигахь кхоьллина 657 керла компани, ткъа дIакъевлинчу компанийн терахь ду 594.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG