ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанан гIирсаш: Соьлж-ГIалин юккъехь 2,8 гектар латта эцна Кадыровс


Кадыров къайлаваккха гIерта камерех (архивера сурт).
Кадыров къайлаваккха гIерта камерех (архивера сурт).

Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь цхьаъ долахо хIоьттина 28 361 йиъкIов метр (2,8 гектар) лаьттан декъан. Иза ду Соьлж-ГIалин юккъехь, Соьлжа хица а, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан резиденцин дозанца а, яздо "Кавказ.Реалиино".

Росреестро далочу терахьашца, кадастран мах бу цу лаьттан 12,7 миллион сом.

Зорбанан гIирсаша яздо, цу лаьттан декъан долахо Кадыров бу бохуш.

Baza телеграм-канало билгалдаккхарехь, 5 шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо тоам бора 0,37 гектар лаьттанах, царах 0,23 гектар латта дIалаьцна ду цуьнан хIусамаша. Чиллан-баттахь сацам бина шен долара латта 7-зза алсамдаккха, кхин а 2,8 гетар латта а эцна.

Росреестран сайта тIера скриншот
Росреестран сайта тIера скриншот

Ресурсо хаам бо, хьалха цу территорин долахо "Грозный сити" компани яра бохуш. Хьалха цуьнан цIе яра "Арена сити". Иза юкъахь яра республикан куьйгалхочун нанас куьйгалла дечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан структурина.

Дагадоуьйту, 2018-чу шарахь Кадыровс 6,9 миллион сом барамехь шена хиллачу пайданна деклараци йина хилар. Цуьнан декларацехь гайтина лаьттан дакъа дара 3 668 йиъкIов метр (0,37 гектар). Цу кепара, эцначу лаьттан декъан мах (12,7 млн сом) шозза алсам бу Кадыровна шарахь хиллачу пайданца буьстича.

Кадыровн резиденци Google картина тIехь
Кадыровн резиденци Google картина тIехь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG