Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) белхахоша "Свидетели Иеговы" динан юкъараллин 15 декъашхо лаьцна Дагестанехь. Цара экстремизман чулацам болуш хIуманаш лелийна, аьлла хета Iедалшна. Къайлахчу сервисаша дийцарехь, лецначара маситта шарахь теллина экстремистийн литература. Цара уьйраш латтийна вовшашца шайн юкъараллин идеологи яржош.
Кху деношкахь ХIинжа-гIалахь кхело чуволла сацам бира "Свидетели Иеговы" юкъараллин 4 тIаьхьалонча. Церан хIусамашкахь талламаш бира низамаш лардон органийн белхахоша.
2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело экстремистийн юкъаралла лерира "Свидетели Иеговы". "Мемориало" дийцарехь, кхелан сацамехь далийна цхьа а тоьшалла дацара делах тешачаьргара Оьрсийчоьнна болуш кхерам хиларан. И юкъаралла йихкинчул тIаьхьа 80 сов стаг хьийзина Оьрсийчохь, бехктакхаман гIуллакхаш а кхуллуш.
2018-чу шарахь ГIура-баттахь адамийн бакъонашкахула йолчу президентан кхеташонан цхьаьнакхетарехь Путин Владимира элира, "Свидетели Иеговы" юкъараллан декъашхой экстремисташ ларар "хIун ду а цахуург" (чушь) ду аьлла.