ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра сурсаташ эца лууш ю Петарбух


Нохчийчоь. Архивера сурт.
Нохчийчоь. Архивера сурт.

Петарбухан губернаторан декхарш ханна кхочуш деш волу Беглов Александр цхьаьнакхетта Нохчийчуьрчу Iедалан куьйгалхочуьнца Хучиев Муслимца. Бегловс Петарбух кийча хиларх лаьцна хаам бира Нохчийн Республикана индустрин а, IT-ин а сурсаташ дохка.

Шаьш дагахь ду Нохчийчуьра юртабахаман сурсаташ эца, бохуш вара Петарбухан куьйгалхо.

Цул сов, Беглов цхьанакхетта ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнца Евкуров Юнус-Бекаца. Цу шиммо а дийцаре дина гIалгIайн махкара юьртабахаман сурсаташца Петарбухна кхачо ярца доьзна хаттар.

Шен агIор Петарбух лаам болуш ю ГIалгIайчу молханаш дохка а, цу республикехь мехаза медицинан гIирс зеран белхаш дIабахьа а.

Хучиев а, Евкуров а дакъалоцуш ву Петарбухерчу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG