ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ша марханаш кхабарх лаьцна дийцина Песковн йоIа


Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаран Песков Дмитрийн йоккхаха йолу йоI Елизавета . Соьлж-ГIаларчу "Нохчийчоьнан дог" маьждигехь.
Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаран Песков Дмитрийн йоккхаха йолу йоI Елизавета . Соьлж-ГIаларчу "Нохчийчоьнан дог" маьждигехь.

Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаран Песков Дмитрийн йоIа Елизаветас хаам бина, ша масийтта марха кхаьбна хиларх лаьцна Мархийн баттахь. И шен дIахьедар дина цо бусалба нах Рамадан бутт дIаберзарца уьш декъалбеш, яздо "Кавказ.Реалиино". Цул хьалха Пескова Елизаветас маситта де даьккхинера Нохчийчохь.

"Со Делах тешаш адам ду, син кхиар шордеш а, ислам довза лууш а ю со. Кхушара со чIогIа лууш яра марханаш кхаба, ткъа тIаьххьарчу кхаа дийнахь марханаш кхебира ас", - яздина цо Instagram-хь.

Пескова Нохчийчохь хилира Стигалкъекъа-бутт чекхболуш. "Нохчийчоь вуно ваха везаш регион ю Оьрсийчоьнан Федерацин", - яздира цо шен Инстаграмерчу агIонехь. Пескована хетарехь, Оьрсийчоьнан бахархой бахана ца Iаш "Нохчийн Республике хьажа баха безара тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара туристаш".

Шена чIогIа халахета карарчу хенахь Нохчийчохь туризм шоръярна новкъарло йон дуккха а стереотипаш хиларна, адамаш цу инзаре хазачу метте ца дохуьйтуш совцош йолу, бохуш яра Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаран йоккхаха йолчу йоIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG