ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема тIаме ваха дагахь хиллачу шина стагана кхел йина Нохчийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисан Нохчийчуьрчу урхалло кечйинчу материалашкахула кхеле озийна меттигера ши вахархо. 29 шо долу Магамадов Х. а, 25 шо долу Зелимханов Б. а бехке вина низамца йогIуш йоцу тIеман тоба кхолларна.

ФСБ-н белхахоша кечдинчу кехаташца а догIуш, ши жима стаг Шема ваха дагахь хилла, тIом бар Iалашо йолуш цигахь низамца йоцучу тIеман тобанех дIакхета.

Гуьмсерчу гIалин кхело таIзар кхайкхийна Магомадовна а, Зелимхановна а 4 шо 6 бутт чIагIйинчу рожехь колонехь баккха, араваьллачул тIаьхьа цхьана шарахь цу шинна маьршша дIасалелар а доьхкуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG