ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исламан лом, дуьненан чемпион, лараме паччахь


Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а
Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а

Муха хеставо Нохчийчуьрчу хьаькамаша а, депутаташа а Кадыров

"Коммерсант-Власть" журнало хIора шарахь рейтинг хIоттайора Оьрсийчоьнан президентна а, премьер-министрна а хьесталучеран аларех. "Лизость к телу" аьлла, тиллина цIе а яра цу рубрикан.

2007-чу шарахь уггар а исбаьхьа хесторхо ву аьлла, тептарехь нисвеллера Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

"Нохчийн къомана шолгIа дахар делла Путина. Дала хIоттийна ву иза оцу дарже…Путин - Делан совгIат ду, цо вайна маршо елла. Оьрсийчоьнна - доккха ирс ду иза. Цуьнан могушалла мел лаьтта, вай дехарш дан деза цуьнга, гора а хIиттина, дIа а ца волуш, пачхьалкхан куьйгаллехь латтахьара хьо бохуш" аьллера Кадыровс.

Тахана Кадыров, хесторхо хилла ца Iаш, цунах шех а хилла объект. Бахьана долуш а, доцуш а, цуьнан гоно денна хеставо иза. Шеф хасто шайн лаам хьадисашкахь балхабо цара.

Масала, "Терек" СОБР-ан куьйгалхо Висмурадов Абузайд тIетовжу шен хастамашкахь Мухьаммад Пайхамарна.

"Нагахь цхьана адаман кхечу адаме безам, кIорггера ларам хилахь, цо дIахаийта деза шен синхаамах. Шина адамна юкъара доттагIалла а, ларам а кхи тIе а чIагIлур бу цул тIаьхьа" аьллачу Пайхамаран дешнаш далийна Висмурадовс.

"Кавказ.Реалии" портало йовзуьйту, Кадыров хестош, цунна мотт хьоькхучеран аларех шаьш хIоттийна рейтинг.

Зорбан министр Умаров Джамбулат:

"Рамзан, хьан хьекъало лучу нуьрехь веха со".

Шелан кIоштан куьйгалхо, Кадыров Рамзанан шича Ибрагимов Турпал-Iела:

"Даим а со нийсачу новкъа воккху цо, цуьнца къамел динчул тIаьхьа дог-ойла иракарахIутту сан, ницкъ ло цо суна. Ас Далла хастам бо, шен дахар къомана ваца дIаделлачу цунна уллохь хила сайн аьтто барна. Оха дозалла до, тхайн кIоштара хазна - коьрта маьждиг, Нохчийчоьнан дозалла а сан хьомсарчу вешин, Нохчийчоьнан куьйгалхочун, Оьрсийчоьнан турпалхочун Кадыров Рамзанан цIарах хир долуш!"

"Кадыров Рамзан гIараваьлла стаг ву, Даймехкан бакъволу патриот, шен къоман сийлахь кIант"

Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам:

"Далла бу хастам, тхуна масал эца а, тхо тIаьхьахIитта а, Кадыров Рамзан санна хьекъале, ницкъе, хьакъволу куьйгалхо тхуна валарна!"

"Кадыров Рамзан – дуьненан чемпион ву".

Парламентан спикер Даудов Мохьмад ("Лорд"):

"Суна билгалдаккха лаьа, Рамзан, даим а уггар коьрта Iалашо хилла хьо суна, масал эца а ву-кх хьо".

"Тхан дозалла ду хьо, Рамзан Ахматович! Ткъа тхо, оха дIалецна даржаш мухха делахь а, хьан тIемалой ду!"

"Ас хастам бо Далла, сайн кхоллам ишта нисбаларна! Шен халкъана тешаме, нийсонца вацар бен, кхи сий дан а дац. Доллу дахар шен халкъана дIаделлачу стагах шен хьомсара ваша ала йиш хиларал доккха сий дан а дац! Рамзан Ахматович! Хьомсара ваша! Дала Iалашвойла хьо!"

"Терек" СОБР-ан командир Висмурадов Абузайд ("Патриот"):

"Хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан турпалхочун Кадыров Ахьмадан командехь а, сийлахьчу Кадыров Рамзанна уллохь со нисварна ас хастам бо Далла".

"Иштта, Кадыров Рамзан санна лидер хилча, цунна тIаьхьа хIотта хIу хала ду!? Дала Iалашве хьо, хьомсара ваша!"

"Къоман куьйгаллехь хьекъал долуш, идейш йолуш, хиндерг хууш стаг хилча, юкъараллехь позитиве хийцамаш хуьлу. Къегина масал ду цунна – сан хьомсара ваша Рамзан Ахматович Кадыров".

Пачхьалкхан Думан депутат Саралиев Шамсаил:

"Ницкъ болчу АллахIа Кадыров Рамзанна белла ницкъ, сийн, нийсонан, дикаллин, оьздангаллин, патриотизман бух тIехь кхоллабелла бу. Дуьненна а девзачу цуьнан дикаллин гIуллакхийн жамIаша цхьа а шеко а ца юьту, тахана тхан мостагIий хилла дIахIиттинарш а, цхьана дийнахь тхуна улло хIуттур бац аьлла".

Динан гIуллакхашкахула волу Кадыров Рамзанан хьехамча Шахидов Адам:

"Кадыров Рамзан - Исламан лом ду".

Нохчийчоьнан парламентан депутат, Ичкерин тIеман экс - министр Ханбиев Мохьмад:

"Декъала хила хьан некъ, лараме паччахь!!!"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG