ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьабибан билламашна реза хилла UFC


Нурмагомедов Хьабиб.
Нурмагомедов Хьабиб.

Кепеш ийначу латарехула йолчу чемпионатан яйчу йозаллехь чемпионо Нурмагомедов Хьабиба дийцарехь, иза реза ву UFC-но кечдинчу керлачу контрактан билламашна. Цунах лаьцна яздо "Советский спорто".

Хьабибана хетарехь, и билламаш юкъахь бу цу спортан юкъараллан исторехь хиллачу тоьллачу кхаанна. Контрактан чулацам а ца буьйцуш, цо дийцина ша UFC-га дехнарг 5 хIума дара, латарш вовшахтухурш царна реза а хилира аьлла.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, Нурмагомедов кхушеран Гезгмашин-баттахь Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн коьртачу гIалахь Абу-Дабехь шен титул шозлагIа ларйеш летар ву ханна чемпион волчу Портье Дастинца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG