ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хийцина Атаханов Шамил лаьцна латторан раж   


Атаханов Шамил.
Атаханов Шамил.

ГIиргIазойчохь лаьцна латторан раж хийцина цу мехкан вице-премьер хиллачу Атаханов Шамилна. Цунах лаьцна хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Хьалхо, бакъо а йоцуш, набахтера криминалан авторитет Батукаев Iаьзиз маьршаваккхар хьокъехь толлучу бехктакхаман гIуллакхела лаьцна волу Атаханов чувоьллинера талламан изоляторна.

ПIераскана дийнахь, Мангалан-беттан 7-чохь, Бишкекерчу номер 1 йолчу талламан изоляторера иза дIавигира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан талламан сервисе.

Цигахь, уллехь адвокат а волуш, Атаханов реза хилира талламхошца юкъаметтигаш дӀакхехьа. И бахьана долуш, керлачу низамца а догIуш, цунна хийцина лаьцна латторан раж.

Хьалхо Бишкекан Первомайски кIоштан кхело 71 шо долу хилла вице-премьер чувоьллина латто сацам бинера Манагалан-беттан 26-гIа де тIекхаччалц.

2013-чу шарахь Оханан-баттахь Нарынан гIалан кхело хенал хьалха маьршаваьккхира Батукаев, цунна ваха дукха хан ца йисина аьлла. Кхелера араваларца, "Манас" аэропорте а вахана, долахь долчу кеман тIехь йитира цо ГIиргIизойчоь.

Амма дукха хан ялале, лоьраша делла кехаташ харц хилла аьлла, ГIиргIизойчоьнан инарла прокуратуро Оьрсичоьне дIавийхира Батукаев. Амма иза дан аьтто ца хилира. Цу хенахь (2014-чу шарахь Товбеца-баттахь) 53 шо долу "криминалан инарла" хан токхуш вара Нохчийчохь, бакъо йоцуш герз лелорна (маьршаваьлла 2017-чу шарахь).

Кху шара юхаталла долийначу Батукаев маьршаваккхарца доьзначу бехктакхаман гIуллакхехула лецна ву ГIиргIизойчохь лаккхарчу даржашкахь хилла маситта стаг.

Атаханов воцург, цIахь лаьцна латтош ю могашаллан министр хилла Сагинбаева Динара. Талламан изоляторехь ю 3 шо кхаьчна йоI йолу кху беттан 5-чохь лаьцна инарла прокурор хилла Салянова Аида.

Де хьалха талламхоша левира чоьхьарчу гIуллакхийн министр хилла Рысалиев Зарылбек. Цул тIаьхьа иза дарбанан хIусаме дIавигира вочу хьолехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG