ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн цIеяйархо кхелхина ХIирийчохь некъахьовзамехь


Кавказан лаьмнаш ГIалгIайчуьра дIахьаьжча.
Кавказан лаьмнаш ГIалгIайчуьра дIахьаьжча.

ГIалгIачуьра 45 шо долу вахархо кхелхина Къилбаседа ХIирийчохь, цуьнан ВАЗ 2114 машен Эзминан ток йоккхучу хин станцин татолна чуйожар бахьана долуш. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", орцаллин министраллерчу хьастанна тIе а тевшаш.

"Ламанан некъаца йогIу машен Армхи хи тIера Эзминан ГЭС тIе доьду хи дIахоьцучу кIоргачу татолна чуяхна Къилбаседа ХIирийчохь, машенлелорхо кIелхьарваккха аьтто ца баьлла, маситта орцах ваьлла стаг цунна гIо дан гIерташ хиллехь а", - боху хьастано.

Дийцарехь, машенна урхалла дийриг чIогIа тIеттIатаIийна хилла кепах йоьхначу машенан меженаша. Иза воцург цу чохь кхин цхьа а ца хилла.

Кхелхинарг ву гIалгIайн ламанца Iуьллучу Джейрах эвлан цӀеяйъархойн тобанан хьаьким.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG